ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан кхело Оьрсийчоьне жоп дехна Нохчийчохь байначу нахах


Нохчийчохь 2012-2013-чу шерашкахь байначу Бадургов Хьусейнан а, Элимханова Хадижатан хьокъехь бинчу талламех хеттарш дина Оьрсийчоьне Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело, яздо "Къизаллашна дуьхьало латточу комитето".

Бакъонашларъярхойн информацица, 2012-чу шарахь аьхка 25 шо долу Бадургов Хьусейн шен зудчуьнца а, 7 бутт болчу йоIаца а ГIалгIайчуьра Нохчийчу дIавахана, шена бан болх лахархьама.

Шен йишига ПетIамате телефон тоьхна цо Товбеца-беттан 10-чохь, меттигерчу цхьана туькана балха оьцуш, къамел дан ваха везаш ву ша аьлла. Цул тIаьхьа юха а зIене ваьлла иза шен йишица, хиллачу жамIех дуьйцуш. Къамел дечу хенахь йишина хезна, шен вешига вистхуьлучу стеган аз. Эццахь хаьдда зIе, кхи юха тасаелла яц церан. Ши бутт баьллачул тIаьхьа бен ца долийна Бадургов варан хьокъехь талламан гIуллакх.

Маяковский олучу Соьлж-ГIаларчу меттигера шина стага лачкъийна йигина 2013-чу шеран аьхка 20 шо долу Элимханова Хадижат. ЙоьIан нанас Хасиева Лиляс чIагIдарехь, цхьанна тIехь полисхочун барзакъ хилла, карахь герз а.

2014-чу шарахь прокуратуре арз дина хилла Хасиевас, талламчаша шен йоьIан гIуллакх тесна дитина аьлла.

Байначех кхи хаамаш хилла бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG