Нохчийчуьра бахархой Ражапов Хьамид а, ЦетиевгIеран вежарий Хьусейн а, Сайд-Мохьмад а лаьцна вуьтуш бина кхелийн сацамаш юхатоьхна Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело кхааридийнахь, яздо "Кавказан узел" агенталло. И кегийнах бехкебора 2014-чу шарахь Москохарчу орцан министраллан белхахошна тIелатар а дина, царна еттарна.
Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамна тIетевжина Лакхара кхел аьлла, дийцина агенталле бехкебечийн адвокато Окушко Татьянас.
2014-чу шарера кху дийне кхаччалц ЦетиевгIар а, Ражапов а цкъа лаьцна латтийра, стохка дуьйнна лаьцначуьра дIа а хецна, цIера дIасабийла дихкира царна.
Талламчийн версица, бархI орцанхочунна тIелатар а дина, царна йиттина, уьш байа дагахь, кIело йина аьлла, лецира уьш.
Адвокаташа тIе ца дуьтура, бераш бехке хилар. Цу кхааннен а алиби ду бохуш, чIагIдора цара. Тоьшаллаш дора уьш бехачу меттигехь хIиттийначу видеокамераша а.