ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь нохчашна тIехь дIаяьхьначу уггар а гIовгIанечу кхелан процессех.

please wait

No media source currently available

0:00 0:06:37 0:00
Линкана тIе

Венерчу кхелан 303 лоьмар йолу чоь кхин цхьа а мукъа меттиг боцуш охьахаа, адамех юьзна яра. Цундела пеношца ирахь лаьтташ бара цхьаццаболу хьовсархой. Чоь мел ю пеношца лаьттара юхь тIе тутмIаьжгаш йоьхкина, шишша тапчанаш а, цхьаццаболчаьргахь маса тоьпаш а йолуш, леринчу антитерроран декъера полисхой.

Лийцинчеран гIентахь Iаш болу террорхойн талорш дан кечамаш беш гучубовларна лийцинарш кхиазхойн хьовха, берийн хьесапехь нах бу. Уьш бераш дац, царех шиннан 19 шераш ду, кхозлагIчунна - 22 шо ду.

Цул совнаха, цхьаъ царех зуда ялийна а ву. Цуьнан нускал чIениг дIакъовлуш Iаьржа джилбаб йоьхна, лецначийн гIентахь Iаш ду, террорхой хила гIоьртинчарна гIодарна бехке а деш.

Дуьххьарлера процесс ю иза Австрехь, цу махкахь конкрете террорхойн тIелатар дан гIоьртинчарна тIехь дIахьош.

ХIунда аьлча хIинцалц схьа Шемахь я Иракъехь тIемашкахь дакъалийцинарш я лацагIиртинарш Австрехь кхеле озийна хиллехь, цу махкахь радикалан исламхойн хьежамийн бахьанца я ДАIИШан омрица зулам дина я дан гIоьртина меттиг бацара.

Лецначареъх шиъ нохчо ву, цхьаъ – им диллина австрихо. Цуьнан зуда - Мисарара орамаш долуш ю.

Царех уггаре а воккхахверг 22 шо долуш велахь а, берийн сибатехь стаг ву. Хьажин мюридийн пес а тиллина, кIайн коч а, вортах цIечу басахь галстук а йихкина Iа иза, дехьий-сехьий полисхоша ларвеш а волуш.

Радикале хьежамаш бита а битина, суфистийн хьесапехь бусалба дина лелош ву иза хIинца, цуьнан адвокато чIагIдарехь. Хетарехь, муридийн пес - цуьнан тоьшалла санна ларалуш ю.

Цуьнца болх беш хиллачу психиатро ша бина сацам бовзуьйту кхелана - и кIант кхин а дIа а юкъараллина кхераме ву, цундела иза коьртана телхинчу зуламхойн дIакъевлинчу набахтехь хила веза, хаддаза психиатрийн тергонехь а волуш.

Цо иза аьлча, ирахкхосало жимстаг, хIинцале а ишттачу дIакъевлинчу хьекъалх телхинчеран набахтин декъахь латтош волу. „Хьо со педофилаш болчу чу воллийта гIерта? Хьо сан коьрта чу хьаьжна? Цу чохь хIун доллу гина хьуна?“ - олий.

Шега гIовгIа ма е аьллачу кхелахочуьнга дехар до цо, боккъал а цамгарш долчу зуламхойн набахте ма хьажавахьара ша, хьайна мел луу хан тохий бакъахьачу набахте вахийтахьара ахь ша, олий. „Ахь со цига вахийтахь, суна депортаци йийр ю“ - иштта даладо цо шена коьртаца цомгушчеран декъа хила ца лааран бахьана.

Нохчийн къомах волу шозлагIа бехкевеш верг тийна Iаш ву кхел дIа мел йоьду а. ТIехьажарехь 14, уггаре а дукха 15 шо бен лур долуш вац иза, 19 шо шен делахь а. Иза ДАIИШан омрица террорхойн тIелатарш дан гIертарал сов, кхин а къола дарна а, Санкт-Поьлтен гIалахь герз духкучу туьканна тIелатар дан кечам барна а, кхин а цхьа могIа талорашна а бехке веш ву.

Масала, шен накъостаца цхьаьна кIело а йина, цхьана гIеметтахIоьттинчу австрихочуьнгара, цунна тоха а тоьхна, 5 евро лачкъийна хилла Австрехь Халипат кхолла араваьлла хиллачу жимчу стаго.

Цо иштта тIелатар дина ахча схьадаккха кIело йина хилла цхьана шиша-барехь болх бечу зудчунна, иза балхара цIаяха бар чуьра сарахь араяьлча. Амма и зуда ша цхьаъ а йоцуш, шеца балхарчу божаршца йогIуш гича, кхера а велла, цунна ша дан лерина тIелатар ца деш дIавахнера иза, прокуроро чIагIдарехь.

И турпала леламаш Халипатан бIахочо бечу хенахь цуьнца цхьаьна хилла ву кхелехь а цунна уллехь Iаш волу им диллина австрихо. Шема дIавахана, цигахь турпалхо а, шахIид а хила сатуьйсуш хилла вуьшта Австрехь турпалаллица гIарвала ка ца долуш, мелхо а, ишколехь а, накъосташна юккъехь а кхиаме воцу жимстаг.

2015-чу шарахь им диллина цо, бусалба дин тIеоьцуш. ХIетахь дуьйна ДАIИШах дIакхета Iалашо кхобуш хилла. Цуьнан и лаам чIагIбеш хилла цунна цу муьрехь евзина Мисарара орамаш долу къона зуда а, цул тIаьхьа цо ялийна йолу.

Захало дуьйцучу муьрехь цу шиммо вовшашка яздинарш доьшу прокуроро кхелехь. „Со Шемахь кхалхахь, хьо кхечуьнга маре гIур юй?“ хоьтту жимчу стаго. Ша гIур ца хиларх, ша елла дIаяллалц цуьнах лаьцна дагалецамаш кхобуш, Iийр хиларх тоьшалла до вукхо. „Ма чIогIа лаьа суна шахIид хила“ - аьлла яздо жимчу стаго езаре. „Иншаалла, хьо хир ву шахIид. Уггаре а лакхара дарж ду шахIид санна кхалхар“ - жоп ло цуьнга маре яха кечам бечу кхиазхочо.

ДАIИШна шаьш байIат дина хиларна а, ДАIИШерчу цхьаьна Абу Нухь цIе лелочу тIемалочуьн омрица шаьш ка ма долу алсамох полисхой байъа Iалашо йолуш хилла хиларна а мукIарло до бехкебечара.

Амма хIинца шаьш кхин цу хIумнех тешаш а дац, радикалан хьежамаш кхобуш а дац, бохуш чIагIдо кегийчу наха кхелехь. Массара а, цхьа зуда дIаяккхалц, цара шаьш шариIат кхин Австрехь хIоттон лууш а дац, шаьш демократи а , Австрин низамаш къобул деш а ду боху цара.

Суьйрене кхаччалц яхъелира и шех терниг хIинцалц хиланза йолу процесс. Иза тергал ян гулбелла бара Венерчу университетан юристийн факультетан студенташ а, мухIажаршна гIодаран цхьаьнакхетараллашкара нах а, къоначу лецначарна Iуналла деш йолчу хьукматийн векалш а, иттанаш журналисташ а. Амма тамашийна делахь а, лийцинчеран дай-наной я кхин болу гергара нах бацара зала чохь гуш.

Кхелан сацам - хьалхарчу бехкевечунна, австрихочунна 26 бутт набахтехь баккха, божарийн терапиян яр тIе а дожош. Цуьнан хIусамнанна 3 бутт арахь баккха, радикалечу хьежамашна дуьхьал терапия яр тIе а дожош.

22 шо долчу нохчочунна, иза хьалха а масийтаза къолаш дарна кхеле озийна хиларна - арахь баккха тоьхна хиллачу 33 баттана тIе кхин а 6 бутт чохь баккха.

Цул совнаха, иза коьртана телхинчеран декъа хьажон. Иза бохург ду, цунна тоьхна йолу хан чекхяьлча а, араволуьйтур вац иза, цунна дарба дечу психиатраша иза юкъараллина кхераме вац аьлла, сацам баллалц.

ШозлогIчу нохчочунна – 15 бутт хан, царах 5 набахтехь баккха. Амма лаьцначу хенахь дуьйна цо 10 бутт герга хан набахтехь яккхарна иза кхел дIайирзича маьрша а ваьккхина, цIавахийтира.

Цуьнан адвокато магистр Шенхоферс Маршо Радиоца къамелехь ша чIогIа резахилар довзийтира цу сацамна: „Со чIогIа реза ву кхелан вердиктана. ХIунда аьлча сан клиент тахана цIаваха йиш ю. Суна хетарехь, цунна тоьхна йолу хан цо динчуьнца а, кхело тIечIагдинчуьнца а цхьаьнайогIуш ю“.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Дуьненан футболан чемпионат шайн цIахь дIахьош хиларе терра, Оьрсийчоьнан бахархоша сагатдо мехкан футболна. Шу дуй оцу декъах?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG