ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат-Тауэр" хьалаян инвесторш лоьху Нохчийчоьно


102 гIатах лаьтта "Ахмат - Тауэр" хьалаян инвесторш тIеозо Iалашо ю Нохчийчоьнан Iедалхойн. Европехь а дуьххьара стигал-бIов хир ю иза. ГIишлошъярхой бух боьттина бовллуш бохку карарчу хенахь.

Планашкахь ду "Ахмат-Тауэр" чохь тоьлла офисашна хIусамаш а, пхеа седанах лаьтта хьешан цIа а, Iаьнан беш а, ресторанаш а, музей а, спа-комплексаш а, тойнаш хIитто хIусама а, фитнес-центраш а, конференцеш дIаяхьа томехь чоьнаш а нисъян, яздо "Оьрсийчоьнан газетано".

Бертан билламашца а догIуш, "Ахмат-Таэур" хьалаеш дакъалоцучу инвесторийн цIераш официалехь йовзуьйтур йолуш яц.

Мехкан урхаллехь дIахьедина, бюджетан ахча оцу стигал-бIовна хьажор дац аьлла.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG