ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрин гIалахь юха а нохчийн дов хоттуш ду


Австрерчу Санкт-Пелтен гIалахь еаридийнахь дIайолаелла террорхойн тIелатарш дан Iалашонаш хиллачу кегирхойн тобанна тIехь кхел. ВорхI жимстаг ву жоьпалле озийнарг. Царна юккъехь Македонера а, Боснера а, Нохчийчуьра а орамаш долу нах бу.

Даханчу шеран бIаьста полисхоша лаьцначу тобан декъашхоша 2016-чу шарахь дуьйна зуламе тоба а кхоьллина, ДАIИШ тобанан пропаганда яржош а, Шема баха кегирзой иракара хIиттош а хилла, Лахарчу Австрин прокуратурано чIагIдарехь.

Санкт-Пелтен гIаларчу лоьрийн цIийнарчу ламазан чоьнах вовшахбетталуш хилла тобан декъашхой. Цара иштта урамашкахь а, паркашкахь а шайн агIончаш лохуш хилла, радикале агитацеш а еш.

19 шарера 24 шаре кхаччалц хенаш йолуш бу тобан декъашхой. Царна юккъера цхьа жимстаг кхааридийнахь Венерчу кхелехь жоьпалле озийна хиллачу террорхойн тобан декъашошца зIенех хилла лору полицино.

Iедалхоша чIагIдарехь, цу тобанерчу талорхошца цхьаьна Санкт-Пелтенерчу герз духкучу туьканна тIелатар а дина, цу чуьра шаьш даьхьанчу герзаца полисхой байа Iалашо хилла церан.

Цул совнаха, кхеле озийначарех цхьаъ бехке веш ву ша Iаш хиллачу юкъараллаIойлин белхахчо бусалба дин тIе ца эцахь, цунна урс хьокхур ду ша бохуш, кхерамаш тийсарна. Лийцинчарех масех хьалхо кхечу талоршкахь, масала, къоланашкахь декъахиларна лийцина хилла бу.

Юкъараллина дIакъевлина ю Санк-Пелтенерчу кхелехь дIахьош йолу процесс, хIунда аьлча шайн талорш дечу хенахь лийцинчарех цхьаццаберш 18 шо кхачанза хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG