Iамеркан президентан Трамп Доналдан Администрацино кеста керла санкцеш йохур ю Кремлна дуьхьал. Кхааридийнахь финансийн министро Мнучин Стивена дина и дIахьедар Сенатан ладегIаршкахь.
"Кремлан тептаре" Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна герга болу хьаькамаш а, олигархаш а баьхначул тIаьхьа, Мнучина дIакхайкхийнера "кеста санкцеш юьйлалур ю" аьлла. Министро бахарехь, карарчу хенахь царна тIехь болх болийна.
Хаамашкахь а, социалан машанашкахула а Оьрсийчоь Iамеркан электорантна Iаткъам бан гIоьртар ю аьлла, шинаридийнахь Конгрессехь бистхуьлуш, дIахьедира Iамеркан талламчаша.
"Iамеркана мостагIашна санкцешца дуьхьалояран низаман" Iалашонех цхьаъ ю, 2016-чу шарахь Цхьанатоьхначу Штаташкахь дIабаьхьначу президентан харжамашна Кремл юкъагIортарна цунна таIзар дар.