ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Новая газетан" журналист Феруз Оьрсийчуьра дIавоьду


Миграцин низамаш ца лардина аьлла, масех баттахь ханна мухIажирийн центрехь латтийна "Новая газетан" журналист Феруз Iела еаридийнахь Оьрсийчуьра араволуш ву. Шереметьевон аэропортехь паспортан контролех а ваьлла, кеманчу хаа кечлуш ву иза. Германе кхача бу цуьнан лаам.

"Новая газетано" баркалла кхайкхийна журналистан гIо мел лаьцначунна.

Дахначу кIиранах Москохарчу Басманан кхело бакъо елира Ферузна кхечу пачхьалкхе дехьавала.

Дуьненаюкъарчу "Доза доцу репортераш" цIе йолчу бакъонашларъяран организацино маьршачу прессан Индексехь 180 меттигах 169 могIа дIалоцуш ю Узбекистан, цундела шен даймахкахь кхераме ду цунна ваха, бохуш чIагIдора.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG