ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн, гуьржийн литературан суьйре дIаяхьира Австрехь


Литературан суьйре дIаяьхьна чоь
Литературан суьйре дIаяьхьна чоь

Венерчу Alte Schmiede цIийнехь, нохчийн маттахь"Шира пхьалгIа" олучу кхоллараллин ательехь кхаарисарахь дIаяхьира нохчийн, гуьржийн литературана лерина суьйре. Немцойн матте гочйина, немцойн маттахь язъйина а шайн романашна юккъера кийсакаш а, эссеш а йийшира Нохчийчуьра а, Гуьржийчуьра а орамаш долчу яздархоша.

Литературан суьйре вовшахтоьхнарг вара Германерчу ПЕН-клубан президент лаьттина, гIараваьлла яздархо Хасслингер Йозеф. Шен араяьлла "Германехь кхерч карор" цIе йолу антологи йовзийтира цо гулбеллачарна.

Тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара политикан бахьанашца бовда дезначу, Германехь тховкIело карийначу яздархойн кхолларалла немцойн ешархошна йовзуьйтар ю цу киншкин Iалашо.

Нохчийчуьрчу шина авторан дийцарш а ду цу антологехь зорбане даьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG