ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь Оьрсийчоьнан бахархой байина аьлла, дIакхайкхийна бакъонашларърхоша


Шемин Дейр-эз-Зор провинцерчу герз лардечу меттиге чугIоьртина 15 Оьрсийчоьнан вахархо вийна. Лондонехь куп тоьхначу Шеман бакъонаш талхорна тIехь мониторинг латточу центран хаамех пайда а эцна, дуьйцу цунах The Guardian газетано.

Бакъонашларъярхойн зерашца, Шемарчу Iедалан куьйгакIел йолу мехкадаьтта а, газ а доккху меттигаш ларъечу цхьаннан доларчу компанехь болх беш хилла байинарш.

Ишта хааме даьккхина, Оьрсийчоьнан бахархошца цхьана Асад Башаран агIончех бархI эскархо а вийна хиларх.

Маца хилла инцидент, хууш дац. Цул совнах, Шеман мониторинган центран публикацехь билгалдаьккхина дац, динчу эккхийтарехь 15 Оьрсийчоьнан вахархо вийна аьлла.

Conflict Intelligence Team (CIT) талламчийн тобано ларлуш хила аьлла Шеман центран хьосташца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG