ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара цIаялийначу зудчунна 8 шо хан тоьхна


Абакарова Загидат шен ненаца
Абакарова Загидат шен ненаца

Оьрсийчоьнан Iедалша Шемара цIаялийначу Дагестанерчу яхархочунна Абакарова Загидатна набахтехь даккха 8 шо хан тоьхна кхело. Иза бехкейо, низамаш дохош вовшахтоьхначу герзахойн тобанехь дакъалацарна.

2014-чу шарахь шен доьзалца Шема дIаяханера иза, цигахь "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхеттера цуьнан цIийнда. Зудчо чIагIдарехь, масийттаза гIоьртира иза Оьрсийчу юхаян, амма майрчо туьйсу кхерамаш бахьанехь, цIа ераз аьтто ца баьллера.

Стохка вийна Абакарован хIусамда. Зуда шен берашца Оьрсийчу кхачийра. Дохкояьлла, шен лаамехь цIа йирзина аьллачу кехатна цо куьгяздахь, таIзарх йолуьйтур ю аьллашехь, Абакарова лецира нохчийн полисхоша. ХIинжа-ГIалин кхело цуьнан хьокъехь шен сацам бовзийтина. Набахте тоьхна хан яккха хьажор ю иза, цуьнан 4 бер 14 шарера даьллачул тIаьхьа.

Стохка дуьйнна Шемара а, Иракъера а Оьрсийчоьнан бахархой цIа кхуьйлуш, операци ю йолийна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана куьйгалла а деш, лерина кхоьллина комисси ю зударий а, бераш а цIа далош.

Би-би-сино бахарехь, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хьалхо дIахьединера бехкзуламан гIуллакхаш Шемара даймахка балийначу зударшна дуьхьал дохур дац аьлла.

РБК агенталлан хаамашца, хIинца а Шемахь а, Иракъехь хIинца а буьсуш бу 400 гергга Оьрсийчоьнан бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG