ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парламенто къобалйина тIамех харцдерг дуьйцучунна таIзар деш низаман проект


Нохчийчоьнан парламентан депутаташа цхьабоса къобалйина даймехкан тIамех харцдерг дуьйцучунна а, ветеранийн сийдоучарна а таIзар дар юкъадалош федералан низаман проект. Тасс агенталле бина и хаам регионерчу парламенто. Беттан юьххьехь мехкан куьйгалхочо хьахийнера, бехкзуламан гIуллакх айдан дезарх даймехкан тIамех долу бакъдерг хуушшехь харцахьа доккхучарна дуьхьал.

"Пачхьалкхан Думе проект кховдо сацам хилла нохчийн парламентан, иштта Оьрсийчоьнан министрийн кабинете а, Лакхарчу кхеле а официалехь шайна хетарг цу низаман проектех алийтархьама", - аьлла парламентан пресс-гIуллакххочо.

XS
SM
MD
LG