ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амманера Соьлж-ГIала кема долалур ду кеста


Нохчийчоьнан а, Урдунан а коьртачу шахьарша – Соьлж-ГIалано а, Аммана а кеманан авиахамаш дIасакхачор бу вовшашлахь. Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца Урдунан паччахьца Iабдуллаца хиллачу цхьанакхетарехь бина и барт.

"Урдунан агIоно сацам тIеэцна, Къилбаседа Кавказан диаспора Урдунехь а Iаш, Амманера Соьлж-ГIала кеманца некъаш схьаделла", - аьлла бу хаам.

Урдунан Royal Jordanian Airlines компанин кеманийн дIасалелар долор ду гергарчу хенахь кIиранчохь шозза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG