ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Захарова: Оьрсийчоьнан бахархой Шемахь байина бохург "дезинформаци" ю


Шемарчу тIамехь Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ коьртехь лаьттачу дуьненаюкъарчу коалицица тийсададаларшкахь Оьрсийчоьнан бIеннашкахь нах байина бохург "дезинформаци" ю аьлла Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векало Захарова Марияс. Еаридийнахь Москох брифингехь Захаровас дIахьедина, кху беттан 7-чу дийнахь Дейр-эз-Зор провинцехь, хетарехь, Оьрсийчоьнан 5 вахархо ву вийнарг.

Буьйцурш бац Оьрсийчоьнан эскархой, ткъа уьш мичара бу а, Шемахь хIун деш хилла а, талла оьшуш ду аьлла цо.

Арахьарчу гIуллакхийн министраллан векало дуьххьара йина комментари карарчу беттан 7-чохь хиллачу тIеман хьокъехь. Захаровас бехкебина Iамеркан хаамийн гIирсаш а, Шеман оппозици а цигарчу тIамех а, Оьрсийчоьнан дукха эскархой байина бохуш а,"дезинформаци" яржорна.

Конфликт лаьттачу Шемахь тIеман ницкъашца боьзна боцу нах а хуьлийла ду аьлла Захаровас.

Дуккхаъчу зорбанаша, шайн хьасташна тIе а тийжаш, хаамбинера Шемахь Оьрсийчоьнан бахархошлахь дукха байина, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG