ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!
please wait

No media source currently available

0:00 0:02:43 0:00
Линкана тIе

ОвхIанистанера пачхьалкхара советан эскар арадаьккхина тахана 29 шо дуьзи..

Таджикистанан дозанца лаьттачу "ДоттагIаллин тIай" тIехула тIаьххьара тIеман машенийн ковра дехьаяьллера. ОвхIанан дозанера тIаьххьара сехьавалла лоруш ву советан салти, инарла Громов Борис.

ОвхIанерачу тIамехь Советан пачхьалкхера 600 эзар ца кхоччуш эскархо хилла. Царах оцу исс шарахь вийна лоруш ву 14 эзар ца кхоччуш эскархо.

Нохчийн-ГIалгIайн автономан советан социалистийн республикехь 2421 стаг хилла цига вигина. Царах нохчийн а, гIалгIайн а 740 стаг хилла, доккхах долу дакъа нохчий а болуш. Цигахь балар хиллачу 59-не лаккхара мидалш елла, цIечу седан а, байракхан а, Ленинан орден тIекхаччалц.

ХIинца Нохчийчохь йолчу овхIанхойн-ветеранийн цхьанатохараллан юкъахь 650 стаг ву. Цуьнан куьйгалхочо Ташухаджиев Iабдулбека, шаьш цига дахарх дохкодевлла хIума дац элира, цуьнах вистхуьлуш: "Оцу хенахь СССР йолчу хенахь царна гIо-накъосталла аьлла дахана дара тхо цига. Тхайна тIедиллинарг кхочуш дина оха. Тхо оьшуш дара цигахь. Тхо цига дахале, Iамерка ян а еана, шен эскарца охьахиъна, тIетоха кечбелла бара-кх уьш".

Тахана Шемахь кхолладеллачу хьоло а дагадоуьйту ОвхIанехь хилларг. Цига бухахь беха миска нах вовшах тIом беш бу, шинна а агIор букъ тIехьа лаьтташ йоккха ши пачхьалкх а йолуш.

Ша дуьхьал ву боху Соьлж-гIаларчу вахархочо Сатуев Руслана иштта, нехан махкахь нохчаша дакъалоцуш хиларна: "Дуьненахь мел болчу тIемашна юккъе ца доьдуш ца Iа хара Iедал. Цигахь а массийта эзар стаг вийна. ХIинца Шемахь кхолладеллачохь а нах дIа а оьхуш, уьш цигахь бойуш хиларна со дуьхьал ву-кх".

Нехан махкахь тIом бар а, цигахь валар а сийлахь хIума ца хета Сатуев Русланна. Сийлахь верг кхайкхош хуьлу, ткъа, Шемахь хIинца эскархой байина хилар лакъийна ду Оьрсийчохь, элира цо: "Цхьаъ вийча а, вийна вац бохуш, хьан пачхьалкхан да хичла, цигахь тIетоха хIума дац-кх. Дерриге а дуьненна хууш ду цигахь хIинца 200 стаг вийнийла, иза даре ца до кхара".

ОвхIан пачхьалкхехь йийсаре вахана официалан хаамашца 500 ца кхоччуш стаг ву. Царах цхьа а вац нохчо, я гIалгIа.

Мотт ца тохарна таIзар дан оьшу аьлла хетий шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG