ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Гуттаренна а лаьттийла президентан даржехь Путин


Гуттаренна а Оьрсийчоьнан урхалла деш вуьсийла Путин Владимир аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Нохчийн къоман дуьхьа а, йоллу пачзхьалкхан дуьхьа а цо мел динчунна а, тахана а дечунна а даггара баркалла аьлла мехкан куьйгалхочо

Республикан президент ша хIоттийна 11 шо кхачарна леринчу постехь Твиттерехь язйина Кадыровс ишта.

"Сох тийшира Путин, со къона вара аьлла ца Iаш, республика сох тешийра цо", - яздо Кадыровс.

Путинан гIоьнца махкахь терроризман хьу ца йитина, йоьхна, яьржина хилла республика юхаденйина аьлла цо.

"Дуккха а шерашкахь могушалла а латтийла вайн президентна, ша дийна мел ву пачхьалкхан урхаллехь а вуьссийла Путин. Ткъа вай тешамца децар ду цуьнан дуьхьа, цо тIе мел дохку гIуллакхаш лаккхарчу тIегIанехь кхочуш а деш", - аьлла, дерзийна шен йозанаш Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG