ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевн гIуллакхехь уггар а мехала тоьшаллаш тIе ца тоьа


Титиев Аюб
Титиев Аюб

Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхочун Титиев Аюбан гIуллакхна тIе ца тоьа уггар а мехал тоьшаллаш аьлла, дIахьедина цуьнан адвокаташа. Титиевн адвокате талламчаша хаамбина, иза дуьххьара лаьцна валийначу полисхойн декъехь видеокамераш цу дийнахь болх беш ца хилла аьлла.

Маршо Радионо ма яздарра, Титиев Аюб лаьцна латтош ву байнау беттан 9-чу дийнахь дуьйнна. Цуьнан машенчуьра полисхоша марихуана яьккхина аьлла бу, цуьнга кховдийна бекх. Ша Титиевс а, бакъонашларъярхоша а, журналисташа а полисхоша цунна наркотикаш кхийсина ю аьлла, ткъа бакъонашларъярхочунна дуьхьал айдина гIуллакх политикан бух болуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG