Дахначу шарахь Оьрсийчоьнан тIеман буьйранчаша исторехь уггар а дезачух, хIаллакден кибер-тIелатар дина аьлла, дIахьедина КIайчу цIийно. Iамеркан администрацин пресс-гIуллакххоша бо и хаам пIераскандийнахь.
Цара билгалдаккхарехь, "NotPetya" цIе йолу кибер-атака Европана а, Азина а, Iамеркана а миллиардашкахь долларшкахь зенаш а деш, яржийна доллучу дуьненахь.
Хаамехь ишта дуьйцу, и кибер-тIелатар - цхьа дакъа хиларх Кремло Украинехь латточу дестабилизацин а, оцу конфликтехь шаьш дакъалацар дIахаийтаран а.
Оьрсийчуьрчу Инарла Штабан коьрта урхалла – тIеман министралла лаьтта "NotPetya" вирусан тIелатарна тIехьа аьлла, хаамаш бу Iамеркан ЦРУ-н къайлахчу артиклашкахь аьлла, информаци яьржира байначу баттахь.
Washington Post газетано я яздира цунах, ЦРУ-ра шайн хьасташна тIе а тевжаш.
Информацех комментари яла дуьхьало йира ЦРУ-но. Юьхьанца Petya.A цIе а тиллина, тIаьхьо NotPetya аьлла цIе хийцинчу вирусан кибератака кху аьхка йира. Оцу вирусо блок тоьхнера компанийн компьютерийн системашна. Блок дIайоккхург 300 биткоинашкахь долларш доьхура.
ТIаьхьо гучуделира, хакерша оцу кепашца 4 биткоин даьккхина хилар.
Petya.A вирусо даккхий зенаш дира Оьрсийчоьнна а, Украинана а.