Меттигерчу 26 шо долчу вахархочунна дуьхьадаьккхинчу гIуллакхан хьокъехь талламаш берзий Астраханерчу талламчаша. 282-чу артиклаца (халкъашна юкъахь мостагIалла я цабезам баржор, къоман башхаллаш къестош, сийсаздар) бу цуьнга кховдийна бехк.
Социалан машанерчу шен пена тIехь сурт хIоттийнера цо, Кавказан а, Юккъерчу Азин а бахархойн сийдайарца аьлла Астрахан кIоштарчу Талламан комитето. Бинчу талламаша йозанаш экстремизме лерина.
Кировн кхеле кхи дIа листа хьажийна долийна гIуллакх. Пхеа шаре кхаччалц хан йогIу билгалъяккхинчу артиклаца кхеле хIоттийначунна.
"Кавказ.Реалиига" бехкевечо дийцарехь, "ВКонтакте" олучу социалан машанарчу "РСР" группо хIоттийна пост шен агIоне яьккхина хилла цо.
"Дуккха а хан ю и группа дIакъевлина, суна хууш дацара. ДIоггара дага а ца догIу суна-м, стенах лаьцна дара и йоза. "Цаьргара я кхаьргара хIума ма эцалахь" бохуш, дарий-те моьтту суна".
2015-чу шарахь йина цо репост, ткъа дахначу шеран гурахь Iедало тIекхайкхина хилла иза.
Цхьана а националистийн тобанашца гIуллакх догIуш вац иза, цо бахарехь.