Соьлж-ГIалин 200 шо кхачар даздаран гурашкахь ХIиндойчоьнан културан фестивал дIахьур ю Нохчийчохь. ХIиндойчоьнан векало Саран Панкаджа пIераскандийнахь бина и хаам журналисташка.
"Нохчийчохь и фестивал дIаяхьа барт хилла тхан. Кеп-кепарчу элементашкахь хир ю и – кинофестивал, хIиндойн хелхарш, музыка, тхан културан Нохчийчохь евзаш йолу кхийолу аспекташ а", - аьлла ХIиндойчоьнан векало. Цо бахарехь, хIиндойн лаьтта тIехь нохчийн култура йовзуьйтуш, таронаш а лоьхур ю тIейогIучу хенахь.
Шинаридийнахь 4 денна веанера Оьрсийчуьра хIиндойн посол Саран Панкаджа Нохчийчу.
Соьлж-ГIаларчу а, Устрада- ГIаларчу а, Гуьмсан а индустрин объекташкахь а хилира иза, Кадыров Рамзанца цхьанакхетар а хилира цуьнан, иштта лекцеш йийшира пачхьалкхан университетан студенташна.