ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Италин компанино мебелан фабрика йиллина Соьлж-ГIалахь


Италхойн компанино мебел еш фабрика схьайиллина Нохчийчохь. Соьлж-ГIалин Италерчу Bellissimo Royal компаница бина барт бара и схьаелла дахначу шарахь дуьйнна. Кху деношкахь фабрика болх бан йолайолуьйтуш церемони дIаяьхьна аьлла, дийцина "Кавказан узел" агенталле администрацин белхахочо.

Мэрин векало дийцарехь, 40 стаг ву тахана цу фабрикехь болх бан волавелла, тIейогIучу хенахь мебел яр шор а деш, кхи а 80 стагна белхан меттигаш нисбан Iалашо ю церан.

Азербайджанера говзанчаш бу белхалой Iамо, кхайкхина.

Керла мебел йина ца Iаш, фабрикано реставраци а йийр ю тишъеллачунна. 47 италхойн, туркойн чарх ю фабрикехь дIахIоттийна, муьлхха а чолхе болх бийр болуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG