ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн кIентий шеца лата кхойкху казахийн спортхочо


Алматахь кикбоксингах летачу 10 шо долчу Тажибай Абайс Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIентий шеца лата кхойкхуш видео дIаязйина.Tengrinews.kz хьостано бина и хаам.

"Шен 8 шо кхаьчча дуьйна ву иза кикбоксинге лелаш. Шен хенарчу берашлахь Астана гIалин чемпион велира иза хIетахь. Цул тIаьхьа ши шо даьлча а баьккхира цо толам. Шо хьалха "Ахмат" клубан латарийн лигехь ММА-н профессионалан доьхка Кадыровн кIенташа даьккхича, лаам хилира Тажибайн шеца лата уьш кхайкха. ХIетахь оха ца магийтира цунна, хIунда аьлча, тоъал хаарш дацара цуьнан. Цул тIаьхьа дика кечам бина цо, хIинца кийча ву иза лата", - аьлла, дийцина кIентан дас Тажибай Алмата.

2016-чу шеран гурахь Нохчийчохь гайтаман ийна латарш (ММА) дIадехьира. Къовсамехь дакъалоцуш бара Кадыровн воIарий а. Кхаамме а толамаш бехира цу турнирехь.

ММА-н низамашца, 12 шо кхачазчу берашна дихкина цу цу кепарчу латаршкахь дакъалаца аьлла, дIахьедира хIетахь Емельяненко Федора.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG