ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Порошенкос дехкар доьху Оьрсийчоьнан байракх айбар


Украинан президент Порошенко Петр
Украинан президент Порошенко Петр

"Демократеш йохо" гIерта аьлла, Оьрсийчоь бехке а еш, Украинан президенто Порошенко Петрос оьрсийн байракх цхьанхьа а лесто магийта мегар дац аьлла. ТСН телеканална еллачу интервьюхь дина цо и къамел.

54-чу кхерамзаллех Мюнхенехь хIоттийначу конференцехь вистхуьлуш, Порошенкос ша дуьхьал ву аьлла, ГIирмехь Оьрсийчоьнан президентан харжамаш дIабахьарна а, Европан Кхеташонан парламентан Ассамблейхь Оьрсийчоьнан бакъонаш юхаметтахIитторна а.

"Мехаллех къаьстина ша хуьлийла дац я политика а, я бизнес а. Таханалерачу Москохан политикехь нийсо яц лелош. Цундела Iаьнан Олимпикан ловзаршкахь лестош яц Оьрсийчоьнан байракх", - аьлла Порошенкос.

Киево масийттазза бекхейира Москох, Украинан гIуллакхашна юкъагIертарна.

Оьрсийчоьно и бакъ ца до, и тайпа бехкаш шайна дахка бахьанаш а дац, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG