ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцойн министро Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш дIаяха еза аьлла


Зигмар Габриэл, Германин арахьарчу гIуллакхийн министр
Зигмар Габриэл, Германин арахьарчу гIуллакхийн министр

Мюнхенерчу Дуьненаюкъарчу кхерамазаллин конференцехь скандале дIахьедар дина Германин арахьарчу гIуллакхийн министро Габриэл Зигмара. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраца Лавров Сергейца шен конференцин кхерчахь хиллачу цхьаьнакхетарехь цо аьлла, жим-жима йохуш дIаяха йолон еза Малхбузено Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна санкцеш.

Габриэлна хетарехь, иза дан долон деза Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Юкъараллин машарбаран эскарш Донбасс регионе хьовсийначул тIаьхьа. Дуьненаюкъара машарбаран эскарш Украинан малхбале хьовсоре даханчу шарахь кхайкхам бинарг вара Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир.

ПIераскан дийнахь, Мюнхенерчу кхерамазаллан конференцин хьалхарчу дийнахь, рапорташца бистхуьлучара ирчу критике йира Оьрсийчоь а, цуьнан политика. Малхбалерчу Украинехь кхолладеллачу хьолехь Кремлан рол а, Малхбузерчу пачхьалкхашкахь дIахьочу харжамашна оьрсийн хакерша беш болу тIеIаткъам а, Кремлана гергара позицеш интернетехь яржочу троллаш лелош долу питанаш а дийцаре дира цара.

Цу хьолехь Германин арахьарчу гIуллакхийн министро дина дIахьедар конференцехь гулбелларш цецбохуш дара.

Габриэл Зигмар немцойн Социал-демократийн цIарах министран даржехь ву. Цу партера ву Путин Владимиран доттагI, Германин канцлер хилла волу Шредер Герхард а. Габриэл ша а ву Шредерца а, Путинца а доттагIаллин уьйраш лелош.

Мюнхенера кхерамазаллан конференци хIора шарахь Чиллан - баттахь дIахьош ю. ПIераскан дийнахь йолаелла иза кIирандийне кхаччалц дIаяхлур ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG