ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIаагерчу Дуьненаюкъарчу кхелана хьалха митинг йийр ю нохчаша


Европехь бехачу Нохчийн Къоман Ассамблейн цхьаьнатохаралло Чиллан -беттан 23-чохь ХIаагерчу кхелана хьалха митинг дIахьур ю. Цигахь цхьаьнакхеттачара лерина ду ХIаагерчу дуьненаюкъарчу ТIеман трибуналан векалшка Нохчийчохь Оьрсийчоьнан куьйгалло а, эскарийн буьйранчаша а, тIемалоша адамашна тIехь лелийначу зуламех йолу рапорт дIакховдон. И 200 агIонна тIехь йолу рапорт хIоттийна "Машар а, адамийн бакъонаш а" цIе йолчу юкъаралло.

ХIаагера Дуьненаюкъара Кхелан компетенцехь ду геноцидаца, тIеман зуламашца, адамаллина дуьхьал долчу зуламашца доьзна гIуллакхаш. Цу Кхелан сацамаш къобалбар тIелаьцна 123 пачхьалкхо. Оьрсийчоь царна юккъехь яц.

Хьахон догIу, Европерчу тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь нохчийн къам дIадохийна де дагалоцуш цхьаьнакхетарш а, митингаш а, кхоллараллин суьйренаш а дIаяхьа кечлуш бу Малхбузехь бехаш болу нохчий. Маршо Радион информацица, хIинцале а билгалдаьлла ду, Францехь а, Германехь а, Австрехь а, Нидерландашкахь, Норвегехь а митиингаш дIахьур хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG