ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муха беха Азербайджанехь нохчийн мухIажирш?


please wait

No media source currently available

0:00 0:03:33 0:00
Линкана тIе

Нохчийчохь шозлагIа тIом болабеллачул тIаьхьа уггаре а дукха нохчийн мухIажарш дIакхелхинчарех мохк бара Азербайджан. Цигахь 2000-гIа шераш долалучу муьрехь, мел кIезга а, 12 эзар стаг вехара Нохчийчуьра. Цул тIаьхьа шерашкахь и нах шайн ка дол-долуче дIасабахара, доккхачу декъехь, Малхбузерачу Европера пачхьалкхашка.

Карарчу хенахь Азербайджанехь вехаш, цигарчу нохчийн мухIажарийн Кхеташонан куьйгалхочо Моллаев Рамзанс дийцарехь, 400 сов стаг ву. Церан хьал тIаьххьарчу хенахь хаамийн гIирсашкахь башха дийцаре деш дацара. ХьастагIа Азербайджанан Iедал цу махкахь мухIажаран статус йолу Такаев Сайд-Хьусейн Оьрсийчоьнна дIавала гIерта аьлла хаам баьржалца.

Моллаевс дийцира Маршо Радиога, Такаев лацарца доьзначу хьелех лаьцна. 13 шо набахтехь даьккхина араволуш хилла и стаг. Амма маьршаваккхарна метта иза Оьрсийчу дIавала Iалашонца депортацин набахте хьажийна.

Такаев,иза лоцучу хенахь, цунна бехке тоьттучу зуламашна бехке хила йиш яцара, хIунда аьлча, оьрсаша лаца а лаьцна, ницкъ а бина, юха цул тIаьхьа а Оьрсийчохь шена амнисти йина хиларх документ а долуш вара: "2009-2010-чу шерашкахь дуьйна кхузарчу Iедалша кхин шаьш низамашца доцуш нах Оьрсийчу дIалур бац аьлла, мухIажаран статус йолу нах дIабала бакъо а яц аьлла, царах тешаш схьадогIуш дара тхо.

ХIинца и Сайд-Хьусейн ГIадужу-беттан 13-чохь араволуш вара. МухIажаран статус а яра цуьнан. Амма ара а ца волуьйтуш, цара иза депортацин набахте дIавигна. 4 баттахь цу чохь латтош ву иза. Оьрсийчоьно дIавоьхуш ву боху иза. Оьрсийчоьно даима а деш дерг ду иза. Цо я цIахь дина а, я кхузахь дан гIиртина а хIуммаъ а доцуш, лаьцна а вара иза".

Муха беха Азербайджанехь нохчийн мухIажарш? Муьлха бакъонаш ю церан я муьлха статус? Маршо Радиога цу махкарчу нохчийн хьолах лаьцна дийцира Моллаевс: "Тхо 460 адам бен дац кхузахь диснарг, воккха а, жима а. Тхо Азербайджано мухIажарш санна къобалдина дац. Тхан цундела кхузахь болх бан бакъо яц. Цхьаццаберш бу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Юкъаралло мухIажарш санна тIеэцна, цара ахчанца гIо деш. Амма и статус массеран а яц. Бан болх а бац кхузахь тхуна я Iедалера гIо а дац. Хьал хала ду, амма Дала тхайна деллачунна хастам бо оха".

Цу юкъана 13 шо набахтехь даьккхинчул тIаьхьа маьрша ваккха везаш хилла Такаев Сайд-Хьусейн, дуьненаюкъара низамаш а хьоьшуш, депортационан набахтехь сецош ву Азербайджана Iедалша.

Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъаралло мухIажар санна къобал вина Такаев Оьрсийчу дIавала бакъо яц.

Иза хIетте а дан кечделлачу Азербайджанан Iедалшка ца дайта юристийн гIулчаш йохуш бу цуьнан доьзал а, меттигера нохчийн мухIажарийн Кхеташо а.

ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу девнна юкъагIерта оьший нохчий?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG