ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тбилисехь героин йоккхуш, гIажарой лецна полисхоша


Героинан йоккха парти схьа а йоккхуш, ГIажарийчоьнан виъ вахархо лаьцна Тбилисехь аьлла, хаамбина ГIуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Маршо Радион Тбилисерчу корреспонденто Кобаладзе Георгийс дуьйцу цунах лаьцна.

Криминалан полицино лаьцначу гIажарошкахь 1, 5 кила героин хилла, иштта баккхийчу барамашкахь метадон олу чIогIа ницкъ болу аналгетик а. Пачхьалкхан дозан тIехь схьаяьхначу наркотикех уггар а йоккха парти лерина и.

Гуьржийчохь йохка Iалашонца ГIажарийчуьра дуьйнна схьаеана хилла 1,5 кила героин, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан информацица, цкъачунна, талламаш бина бовллалц лецначийн цIераш йовзуьйтуш яц талламхоша.

Гуьржийчохь йихкина ю наркотикаш, нагахь санна, церан бехк тIечIагIбахь, инарла прокуратурано аларца, белла дIабовллалц набахтехь яккха хан йогIу царна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG