ГIажарийчохь орцаллан тобанаш дIакхаьчна ATR-72 некъахойн кема охьадоьжначу меттиге. КIирандийнахь хиллачу цу бохамехь велла кемана тIехь хилла 65 стаг.
Кема охьадоьжначехь (500 километр ТехIрнна генахь) лоца доьлхуш догIа хиларна юкъахяьккхинера цигахь адамаш лахаран операци.
ГIажарийчуьрчу лаьмнашкахь доьхна кема лела дара 25 шо. Иза лаха араваьллера 100 гергга алпинист.
ATR-72 кеманаш а юкъадаьхна а, деш а дара Францехь а, Италехь а. БОхам хилар толлуш дакъалоцур ду Францера а, Британера а говзанчаша.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?