Кхушара Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а бахархошна ХьажцIа баха еллачу меттигийн терахь ду 10 000. Дагестанна елла 8600 меттиг, ткъа ГIалгIайчоьнна – 1400. Къилбаседа Кавказерчу кхечу республикашна маса меттиг елла цкъачунна дуьйцуш дац.
Оьрсийчоьнан Iедалехь Хьаьж дарца доьзначу хаттаршкахула жоьпаллехь волчу Умаханов Ильяса куьйгалла а деш, Федерацин Кхеташонехь хиллачу цхьаьнакхетарехь хаам бина СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан Iедалша Оьрсийчоьнна елла квота 20 500 меттиг хиларх лаьцна.
2018-чу шарахь Хьаьж дийр ду бусалба наха Марсхьокху-беттан 19 – 24 деношкахь.