ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германехь мухIажаршна урс диттина оьрсийчо


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Германерчу ХIайлбронн гIалахь кхаа мухIажарна дера чевнаш йина Оьрсийчуьра орамаш долчу цхьана стага. Баден-Вюртенберг лаьттарчу полицино бинчу хаамца, 70 шо долчу воккхачу стаго тIехьашха тIе а вахана урс диттина меттигерчу килсана хьалха лаьттачу кегийчу нахана. Цуьнан кадаьлла кхо стаг лазон.

Лазийнарг кхо мухIажар ву, Шемарий, Иракъерий, ОвхIанерий орамаш долуш. Царах цхьаъ, Иракъера ши шо хьалха Германехь тховкIело ехнаверг, кIелвисинчу хьолахь лоьрийн цIийнахь ву. Важа шиъ лоьраша чевнаш дIайихкинчул тIаьхьа лоьрийн цIийнара дIахецна.

МухIажаршна тIелатар динарг оьрсийн къомах воккха стаг ву. Цо шена ца бевзачу нахана урс деттаран бахьана цкъачунна къаьстина дац. Амма Iедалхоша хила там болуш лору цу стаго бусалбачаьрца а, хийрачаьрца гамо хиларна и талор дар.

Германехь кест-кеста нисло цигахь бехачу „немцойн оьрсий“ шайх олучу наха расистийн хьежамаш бахьана долуш зуламаш деш. Масех шо хьалха шен бераца паркехь ловзаш йолу Мисарера къона зуда йийнера оьрсийчо, урс диттина. Ша полицино лаьцча, бусалба нах ца безар дара аьллера цо ша иза еран бахьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG