ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МухIажаршна депортаци ярна дуьхьал акцеш хилла Европерчу гIаланашкахь


Австри -- МухIажаршна депортацеш ярна дуьхьал акци. Вена.
Австри -- МухIажаршна депортацеш ярна дуьхьал акци. Вена.

ЦхьамогIа Европерчу пачхьалкхийн яккхийчу шахьаршкахь Нохчийчу а, ОвхIане а, Африкерчу мехкашка а мухIажаршна депортацеш ярна дуьхьал акци дIаяхьира. БIеннаш адамаш кIирандийнахь цхьана хенахь урамашка девллира тайп-тайпанчу меттигашкахь.

Венехь а, Берлинехь а, Франкфуртехь а, Залцбургехь а протесташкахь дакъалаьцначара кхайкхам бира Малхбузерчу пачхьалкхийн урхаллашка а, Евробертан куьйгалле а, тIемаш а, диктаторийн режимаш а йолчу меттигашкара бевдда баьхкинчу нахана политикан тховкIело Iалашъяре.

Венехь цкъа хьалха кеманийн портехь вовшахкхийтира уьш, мухIажарш цигара кеманашкахь цIахьовсош хилар билгалдоккхуш. Нохчийчуьра мухIажарш а бара акцехь дакъалоцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG