Оьрсийчоьнан тIеман никъийн Инарлан штабо буьйр дина Шемахь йолчу Оьрсийчоьнан тIеман базашкахь сотан телефонан зIе лакъайе аьлла. Цунах лаьцна хаам бина РБК агенталло, инарла-лейтенанто Кузнецов Юрийс Чиллан-беттан 2-чу дийнахь динчу омрана тIе а тевжаш. И хаам тIечIагIбина Оьрсийчоьнан тIеман министраллерчу хьастано.
Ша аьлча, ХIмеймим авиабазан территори тIехь сигнал лакъор ю кхушеран Зазадоккху-бутт чекхбаллалц. Ткъа оьрсийн эскарш дIатардинчу кхечу территорешкахь -- Мангал-беттан 1-ра де тIекхаччалц, аьлла ду цу документеха тIехь.
РБК-ан хьастано дийцарехь, сотан зIе лакъайе аьлла омра дар доьзна ду Оьрсийчоьнан Шемарчу базанашна дронаша тIелетарш дарца.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!