ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДАIИШ-ан тIемалоша 27 шиIатийн милцо вийна Иракъехь


"Исламан пачхьалкхан" (ДАIИШ) тIемалошца тIом бан йоьдуш ю Иракъан эскархойн тоба. Чилл.7,2018

"Исламан пачхьалкхан" (ДАIИШ) тIемалойн тобано кIело йина Иракъерчу шиIатийн милцошна. Офицалан болчу хаамца, цара вийна 27 стаг.

ШиIатийн милцой гIуллакх деш болчу Халкъан мобилизацин ницкъийн буьйранчалло дIахьедр дина, и тIелатар Чиллан-беттан 19-чохь ХIавиджа олучу меттехь хилла аьлла. Иза ю БагIдадана къилбаседехьа 30 километр хиллал. Милцойн тоба буьйсанна рейд еш хилла кхерамазалла ларъярехула.

Ши бутт хьалха Иракъерчу Iедалша дIакхайкхийнера "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанна тIехь толам баьккхина шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG