ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Механа уггаре йораха хIусамаш ю Нохчийчохь, Дагестанехь, ГIебартойн-Балкхаройчохь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Оьрсийчохь цхьана еакIов метран мах лаьрча, уггаре йораха хIусамаш ю Нохчийчохь, Дагестанехь, ГIебартойн-Балкхаройчохь. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло, говзанчаша далочу терахьашна тIе а тевжаш.

Иштта Нохчийчохь гIишлон цхьана еакIов метран мах бу 30 эзар сом, Дагестанехь – 31 эзар сом, ткъа ГIебартойн-Балкхаройчохь – 32 эзар сом.

Говзанчаш дийцарехь, и мехаш цу кепара хилар доьзна ду, меттигерчу бахархой дукхачу хьолехь, петаршна чохь а ца бехаш, шайн доларчу хIусамашкахь баха лууш хиларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG