ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн эшаршлакхархой баьхкина концерташ эцна Малхбузерчу Европе


Францехь а, Австрехь а концерташ дIаяхьира бевзаш болчу нохчийн артисташа. Димаев Iелий, Уцаева Маликий, Айдаева Мариний дахнера Малхбузехь бехачу махкахошна шайн шира а, керла а эшарш йовзийта.

Ниццехьий, Венехьий дIаьяхьанчу концерташка бIеннашкахь вайнах гулбеллера. Венерчу 300 стаг чу тарлуш йолу концертан зал юьзнера, цхьа а маьрша меттиг ца буьсуш. Иштта хьал дара Францерчу концертехь а.

Димаевс а, цуьнца еанчу Уцаевас а, Айдаевас а масех сохьтехь самукъадаьккхира нохчийн эстрадина сагатделлачу хьовсархойн. Халкъалахь шуьйра евзаш а, езаш йолу «Бусалба сан Нохчийчоь» а, «Иордани» а, «Гой шуна, доттагIий» а, цхьамогIа кхин а эшарш лекхира Нохчийчоьнан халкъан артисто Димаев Iелас.

Европерчу нохчийн диаспораша шаьш сов дика тIеэцарна хье ца луш юха а концерташ лу Малхбузерчу пачхьалкашкахула чекхдевр ду шаьш аьлла, хаам бира артисташа Маршо Радион корреспонденте.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG