ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанера кIант Иракъера цIавалош ву Сабсабис


Сабсаби Зияд.
Сабсаби Зияд.

Нохчийчуьрчу Iедалшна Дагестанера жима кIант карийнера Иракъерчу бобераш дехачу хIусамехь. Иза цIаверзо оьшуш долу кехаташ кечдийна девлла. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло, Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонан декъашхочунна Сабсаби Зиядана тIе а тевжаш.

Хьалхо цу кIентан ненадас Абдулаев Ахьмада дехар динера Кадыров Рамзане кIант цIавалош гIо дахьара аьлла. Цо бина видеокхайкхам интернетехь шуьйра баьржина хилар билгалдоккху РИА Новостино.

Агенталло бинчу хаамца, кIант Нохчийчу кхачор волуш ву тахана, Чиллан-беттан 21-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG