Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо низаман проект тIеэцна, Росгвардина бакъо луш долчу, Оьрсийчуьрчу регионашкара лаккхарчу даржашкарчу Iедалхойн а, "кхин болчу нехан" а хан дан. И документ тIеоьцуш реза хиларца кхаж тесна 333 депутато, 2 куьг ца ойуш сецна.
И низаман проект 2017-чу шарахь Думе кховдийнарг вара президент Путин Владимир. Цо куьг таIийначул тIаьхьа ах шо даьлча болх бан долалур ду керла низам.
Цу низамехь буьйцуш болу "кхин болу нах" муьлш бу хууш дац. Росгвардера ха лур долу даржой билгалбохур бу президенто.