ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь Малхбалерчу Гута бомбанаш етташ адамаш дайар емалдина дуьненаюкъаралло


Шема -- Малхбалера Гута. 21Чилл2018.
Шема -- Малхбалера Гута. 21Чилл2018.

Малхбалера Гута олучу гIаттамхоша Iуналла дечу Димашкана гергарчу кIошта бомбанаш еттарна саготта ву ша аьлла, дIахьедар дина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан инарлан секретаро Гутерриш Антониус. Цо дийцарехь, цигарчу бахархошкахь вуно ирча хьал ду.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан кхеташонехь вистхуьлуш Гутерриша билгалдаьккхира, кху тIаьхьарчу шина дийнахь Малхбалерчу Гутехь 100 сов маьрша стаг вийна хилар.

Цу хеннахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс бакъ лерина шаьш цу кIошта бомбанаш еттар.

Дуьненаюкъаралло а, Iамеркан Цхьаьтоьхначу Штаташа а, Европерчу пачхьалкхаша а, бакъонашларъяран тобанаша а емал дина Шеман а, Оьрсийчоьнан а тIеман кеманаша, бомбанаш а етташ, маьрша адамаш дайар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG