ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчу депортаци йинчу доьзалан кехаташ дисина Австрехь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Масех кIира хьалха Австрин Iедалхоша Оьрсийчу депортаци йинчу ТикаевгIеран доьзалан массо а документ меттигерчу полицехь дисина.

Шина кIирнахь Iедало хадеш а долуш, махкара арабаха кечбинчийн лагерехь латтийна болу доьзал, цхьа а кехат а доцуш, Москох аэропортехь дIахецна хилла австрихойн хьукматхоша.

И бахьана долуш Нохчийчохь я бераш ишколе дIахийта а, я шаьш Iен-баха Iалашо йолчу адресца регистраци ян а бакъо йоцуш бисина ТикаевгIеран доьзал. Царна Австрехь гIо деш хиллачу юкъараллин жигархочо Ландау Даниэлас бинчу хаамца, дех-ненах, деа берах лаьтташ болу доьзал цкъачунна Дагестанехь сецна.

Документаш сихонца дIакхачо а, цу доьзална рицкъаца а, ахчанца а ТикаевгIарна гIо дан а некъаш лоьхуш бу Австрехь накъосталла дан гIиртина хилла жигархой. Цу Iалашонца цара кхоьллина инициативан тоба.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG