ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дрезденехь полицино лаьцна 28 шо долу нохчийн зуда


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Немцойн Дрезден гIалахь лаьцна нохчийн зуда. СаидовгIеран доьзалан нана 28 шо долуш ю. Деа беран нана ю иза, 2 шарера 8 шаре кхаччалц хенаш йолчу.

Масех де ду цу зудчунна орцахдовларе дехар деш болу кхайкхам социалан машанашкахула лелаш болу. Цу тIехь чIагIдо, и зуда йолу меттиг хоуьйтуш а яц, цунна тIе адвокат кхочуьйтуш а вац, ткъа цуьнан диъ бер нанна сагатдеш ду бохуш.

Маршо Радион информацица, и зуда даханчу шарахь цхьамогIа зуламаш лелорна Дрезденехь лаьцначу нохчийн къомахчу талорхойх цхьанан хIусамнана ю.

Иза билгал мича бехкенна лаьцна ю бохург хууш дац, амма цхьаццадолчу хьастанаша чIагIдарехь, цунна дуьхьал тоьтту набахтехь воллучу шен майрчунна накъосталла деш цхьамогIа талоршкахь дакъалацар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG