ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даудов Мохьмада шега кадамаш бар доьху


Латвин арахьарчу министралло "Магнитскийн тептаре" язвина 49 арахьара вахархо. Tвиттерехь министраллан куьйгалхочо Ринкевич Эдгара бина и хаам.

Карладоккху оцу тептарехь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а , парламентан спикер Даудов Мохьмад а, Талламан комитетан куьйгалхочун гIовс Логунов Олег а хилар.

"Магнитскийн тептаран" авторшка Iиттаршца жоп делла Даудов Мохьмада.

"Оцу хаамо дог дохийна, со карти тIе хьаьжира, стенга даха дихкина -те тхуна аьлла. Боккха эшам и хиларна, ас мало ца йира пхи минот яйа, Прибалтикан географин кегарийлахь и "тIех дегабааме" мохк лахархьама. Эххар а, халла карийра суна и "доттагIалле йоцу" пачхьалкх. Цул тIаьхьа деган молха а мелла, цуьнан башхаллаш талла воьлла со, кхи а сингаттамр лецира", - яздо Mylistory-н агIон тIехь парламетан спикеро.

ХIора шарахь оцу "демократин маршо езачу махкахь" 23 эзар стаг тIе ца тоьа, боху Даудовс.

"ХIан-хIа, и гуманитаран катастрофа яц, и таханалерачу латышийн бакъдерг ду. Оцу пачхьалкхера оьрсий арабохуш хилар а, шайн меттигера бахархой Европе дIаоьхуш хилар а тидаме эцча, кеста Риган ширачу урамашкахь гуш адам хир дац, ша масех, къаналлин денош токху адаммий, эсэсовцаш-ветеранашший, "Магнитскийн тептар" шорден иттех бакъонашларъярхо - скинхеддий, ши бIе уьш ларбе хадархой а бен", - яздо Даудов Мохьмада.

Кхи дIа иштачу цавашарца яздо парламентан спикеро: "ДоттагIий, аш кадамашца сайн дог оьцур ду аьлла, догйовха ву со. Хьажахьа, Латви даха йиш яц, тов! Бехк ма билла, соьга кхи дIа ца яздало…веларна тоха са дац…", -аьлла, дерзийна шен йоза Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG