ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно юхатоьхна Шемахь маслаIат дарца йоьзна резолюци


Шема -- Малхбалера Гута. 22Чилл2018.
Шема -- Малхбалера Гута. 22Чилл2018.

Оьрсийчоьно еарин сарахь юхатоьхна Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташоно Шемарчу хьолаца йоьзна тIеоьцуш хилла резолюци. Цу докeментаца а догIуш, цу махкахь герзаш деттар сацо дезаш дара 30 денна.

Резолюци кечйинера Швецино а, Кувейто а. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллехь волчу Оьрсийчоьнан векло Небензя Василийс и проект "долчуьнца йогIуш яц" аьлла. Хьалхо цу документана критика йинера Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс, маслаIат дийр дац шаьш Москохо терроран лоручу тобанашца аьлла.

Цу тобанашна юкъатоьхна бу Оьрсийчоьно Шеман президентан Асад Башаран режимана дуьхьал болу Димашкана гергахь йолчу Малхбалерчу Гутехь тIом беш болу гIаттамхой.

Оппозицин тIеман тобанаша Iуналла дечу оцу кIошта бомбанаш еттар дара Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташо цхьаьнакхетаран бахьана.

Шемарчу оппозицино а, дуьненаюькъарчу гуманитаран юкъараллаша а дIахьедарш до, цига бомбанаш етташ бойуш маьрша нах хиларх лаьцна.

Iамеркан Пачхьалкхан департаментан векло Нойерт ХIизера Малхбалерчу Гутехь цIий Iенарна жоьпаллехь йина Москох. "Оьрсийчоьно Шемарчу режимана гIортор еш яцахьара и адамаш дайар а а, хIусамаш а йохор а хир дацара", - аьлла цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG