Дерриг а ГIалгIайчуьрчу маьждигашкахь доIанаш дийр ду 1944-чу шарахь депортацехь кхелхинчу нахана тIера, хаам бо "ГIалгIайчоь" газето.
Цул сов, республикехь пIераскан дийнахь дIахьош ю гIалгIайн къам Сибрех дахийтина де дагалоцуш йолу мероприятеш.
Коьрта митинг хир ю тахана делкъалтIаьхьа 2 сахь ах сахьт даьлча Несарарчу политикан репрессеш лайначу адамашна хьажийначу хIолламан хьалха.