ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуккха а пачхаьлкхашкахь дагалоцур ду вайнах махкахбаьхна де


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Нохчий а, гIалгIай а махкахбаьхна де дагалаца дагахь бу Европера а, Iамеркера а бахархой. Иштта, Кавказ.Реаллино дийцарехь, Чиллан-беттан 23-чу дийнахь нохчий цхьаьнакхеташ бу Францехь -- Парижехь а, Страсбургехь а, Нантехь а, Ниццехь а, Тулузехь а.

Вайнах бохийначу денна хьажийна мероприятеш хир ю Чиллан-беттан 23-чу дийнахь ХIаагехь (Нидерландаш), Берлинехь (Германи), Венехь (Австри), Ослохь (Норвеги), СтокхIолмехь (Швеци), Хелсинкехь (Финлянди), Тбилисехь (Гуьржийчоь), Истанбулехь (Туркойчоь), ткъа иштта Нью-Йоркехь (Iамеркин Цхьаьнатоьхна Штаташ).

Кавказ.Реаллино дийцарехь, тезетан минтинг хилла тахана Дагестанерчу Новолакан кIоштахь. Оьрсийчохь дуккха а мероприятеш вовшахтоьхна гIалгIаша.

Нохчийчохь къам дохийна де дагалацар дихкина ду 2011 чу шарахь дуьйна. Иза дIатеттина Стигалкъекъа-беттан 10-че. Чиллан-беттан 23-чу дийнахь республикехь даздеш ду Оьрсийчоьнан дезаденош, ша аьлча Даймехкан бIаьхочуьнан де.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG