ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Килсана дина тIелатар толлуш ши стаг лаьцна ГIизларахь


ГIизлара. Чилл. 18, 2018
ГIизлара. Чилл. 18, 2018

ГIизларара ши вахархо лаьцна полисхоша, цу шиммо меттигерчу килсана тIелатар деш дакъалаьцна хилла хила мега аьлла шеко йолуш, хаам бина "Дождь" телеканало. Царах цхьанан стуннанас журналисташка дийцарехь, тIелатар динчул тIаьхьа шолгIачу дийнахь иза йолчу баьхкина хилла полисхой.

Цу зудчо чIагIдарехь, полисхоша, цуьнан хIусаме наркотикаш а, граната а, патармаш а кхиссина, дIалаьцна цуьнан нуц Сагитов Мохьмад.

Изза сурт хилла шайн кIант, 19 шо долу Гаджиев Мохьмадрасул, дIалоцуш а аьлла дийцина журналисташка цуьнан гергарчара. Иза мичахь ву хIинца хууш дац.

Гаджиевн нанас дийцарехь, цуьнан кIантаца цхьаьна классехь доьшуш хилла килсехь герз диттина Халилов Халил.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG