ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вайнахана депортаци яр дагалецира Истанбулехь


Истанбул.
Истанбул.

Нохчий а, гIалгIай а бохийна махкахбахар дагалацаран суьйре хилла Истанбулехь, хаам бо "Кавказский узело". Иза цхьаьнатоьхнарш бара Туркойчуьра нохчийн диаспоран векалш.

Гулбелларш хьаьжира Оьрсийчохь гайта йихкинчу "Омра дина дицдан" цIе йолчу филман кийсакашка.

Маршо Радионо хьалхо хаам бина ма хиллара, вайнах махкахбаьхна де дагалецира ГIалгIайчохь а, ткъа иштта дуккха а Малхбузерчу пачхьалкахь а.

Нохчийчохь къам дохийна де дагалацар дихкина ду 2011 чу шарахь дуьйна. Иза дIатеттина Стигалкъекъа-беттан 10-че.

Чиллан-беттан 23-чу дийнахь республикехь даздеш ду Оьрсийчоьнан дезаденош, ша аьлча Даймехкан бIаьхочуьнан де.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG