Налчикехь кхеле озийна ГIебартойн-Балкхаройчуьра а, Кубанера а, бер дохкарна бехке йеш йолу, кхо зуда, хаам бо "Кавказ.Реалиино", Ставрополье.tv хьастана а тIе а тевжаш.
Болчу хаамца, 2017-чу шарахь ГIадужу-баттахь берах йолчу ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу яхархочо сацам бина хилла иза дохка. Лула-куларчу зудачуьнга дехар дина хилла цо, бер оьцур долу нах лахахьара аьлла.
100 эзар соьмах иза эца реза хилла Анаперчу яхархо. Мах бина Лахьан-беттан 3-чу дийнахь, кIант вина кхо де а далале. Амма цуьнгахь бер ца гуш дикка хан яьлча, шекбевллачу лулахоша хаам бина полице.
Низамо магош боцу мах бинарш лецна. КIант дIавелла боберийн цIийне.
Зурий чубохка мегаш бу суьдо, 6 шаре кхаччалц хенаш а тоьхна.