ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хойхь юхаметтахIоттор ю масех шира гIишло


Нохчийчоь, Хой.
Нохчийчоь, Хой.

Веданан кIоштарчу Хой эвлахь шира маьждиг а, хьуьжар а, тIеман бIов а, адамаш чохь Iийна шира хIусам а юхаметтахIотто сацам бина Нохчийчуьрчу Iедалша, хаам бо ТАСС агенталло.

Хойхь архелологашна карийна ширачу заманахь (2,5 эзар шо хьалха) таллархой Iийна метигаш. 19-чу бIешарахь (1867) цу эвлахь тIулгех йинчу 200 сов хIусамехь вехаш хилла 2000 гергга стаг.

Карарчу хенахь цу гIишлойх херцарш бен кхин дисина хIума дац. ЮхаметтахIиттийначу културан объекташа шайна тIе тидам бохуьйтур бу туристийн, аьлла сатесса ду Нохчийчуьра Iедал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG