Полшехь лаьцна Украинера хIакер. Иза чуволла мегаш ву, 30 шо хан а тоьхна. Цунах лаьцна хаам бо зорбанан гIирсаша. ХIакеран цIе йоккхуш яц. Хууш ду цуьнан 44 шо хилар.
Украинин вахархо лаьцна Полшин коьртачу бюроно, Iамеркан Федералан талламан бюроно гIо а деш. Иза лоьхуш хилла Интерполо. Цу стагана бехке дуьллуш ду нехан кредитан картанашна тIера ахча лечкъор.
Украинхо декъашхо хилла иттаннаш миллионаш ахча лечкъийначу хIакерийн тобанан. Гергарчу хенахь иза дIалур ву Цхьаьнаьнатоьхначу Штаташна.