ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу тIамех лаьцна шен керла книга йовзийтина Измайловс


Измайловн книган презентацехь.
Измайловн книган презентацехь.

"ТIом а, тIом а“ цIе йолуш ю дуккха шерашкахь Нохчийчуьрчу тIамех лаьцна яздеш хиллачу журналистан, эпсаран Измайлов Вячеславан керла книга. Цуьнан презентаци хилла Москохарчу Сандлеран продюсерийн центрехь.

Хьалхара тIом болчу хенахь Измайлов оьрсийн эпсар санна кхаьчнера Нохчийчу. Цигахь оьрсийн эскарш лелочух цецваьлла иза тIеман репортер хилира. Новая газетин лерина корреспондент санна дуккхаза а Нохчийчохь хилла волу иза „майор Измайлов“ санна вевзаш ву массарна а. ХIинцалераниг цуьнан шозлагIа книга ю Нохчийчохь хиллачу тIамех лаьцна.

Шен книгина тIехь Измайловс яздо тIеман хиламех а, шен Нохчийчохь маьршачу нахаца хиллачу цхьаьнакхетарех а, нохчийн хьаша-да тIелацаран гIиллакхех а. ТIом бан Нохчийчу баьхкинчу салтех къа а хеташ, царех лаьцна карабаханчарна нохчийн наноша динчу Iуналлех а.

Измайловн книган презентацехь цу юккъера кийсакаш йийшира Оьрсийчоьнан халкъан артисто Филиппенко Александро. Измайловс дийцира гулбеллачаьрга ша и книга язъяран исторех а, шена Нохчийчохь гиначух а лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG