Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташоно шоьтан дийнахь тIеэцна Шемахь 30 денна лерина герзаш деттар сацош маслаIат дарца йоьзна резолюци. МаслаIатан раж дIахIотто езаш ю хьем ца беш.
ТIаьхьарчу кIиранах яьккхийн тоьпаш а, бомбанаш а, ракеташ а йиттина лаххара а 500 маьрша вахархо вийна Шемахь Димашкана гергахь йолчу Малхбалера Гута кIоштахь.
Iамеркин Кхерамазаллин кхеташонехь йолчу векало ХIейли Никкис вуно луьра критика йина Оьрсийчоьнан позицина, и пачхьалкх резолюци тIеэца реза хиллехь а.
Цунна хетарехь, дуккха а адамаш дийна а дуьсуш кху тIаьхьарчу масех дийнахь масийттоза тIеэцна хир яра и резолюци, Оьрсийчоь дуьхьал ца хиллехь.
Оьрсийчоьнан Кхерамазаллин Кхеташонехь волчу векло Небензя Василийс шен агIор критика йина Вашингтонан позицина. Цу варе бина Iамеркахой, шайна ца хетачу агIор тидайойтур яц шаьш резолюци аьлла.
Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташоно тIеэцначу резолюцица а догIуш, сихонца герзаш деттар сацоран раж хIоттош ю Шемахь.
Оьрсийчоьно 11 вето кхайкхийна Шемарчу хьолаца йоьзначу Кхерамазаллин Кхеташоно тIеэца гIертош хиллачу резолюцешна.